"Бовза, беза ненан мотт!"

19.02.2021
Вайн массеран а декхар ду ненан мотт Ӏамор, и цӀена бийца хаар. Тахана, чиллан беттан 19-чу дийнахь, дешаран организацешкахь нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккха, Нохчийн Республикан бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдаха йолчу Ӏалашонца дӀайаьхьира "Бовза, беза ненан мотт!" цӀе йолу региональни этнографически диктант.